Везачу Аллах1а дуккха а къаьмнаш кхоьллина дуьненахь маьрша лела а, даха а. Х1оранна шайн мохк, рицкъан хьелаш, бийца мотт белла. Хастам бу-кха Далла, бусалба динехь вай нисдарна, оццал хаза, хьалдолуш, къоман хазна хилла лаьтташ болу ненан мотт вайна баларна. Иштта хастам Аллах1ана бу, бусалба динан, нохчийн меттан барам боцу хьурмат деш волу Мехк-Да вайна нисварна. 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оханан беттан 25-г1а де Нохчийн меттан де хир ду аьлла омра дина, хаза кхаъ хилира дерриге къомана. Цхьа а шеко йоцуш, нохчийн мотт кхиоран а, марзбаран а 1алашо йолуш, нохчийн юкъараллин оьздангаллин хьал тодарехь а, къоман бакъдолу ламасташ, г1иллакхаш меттах1итторехь а коьрта дакъа хилла д1ах1оьттина и беркате сацам. Мехкан Куьйгалхо, лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан бахьанехь вайн къоман тоделлачу хьолан мах хадийна вер вац. Везачу Аллах1а диканца бекхам бойла вайн Мехк-Дена! Тахана, х1окху хазчу б1аьстенан дийнахь, даггара декъалван лаьа къоман Куьйгалхо Нохчийн меттан дезачу денца!
Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Дала массо а х1уманан т1ехь аьтто бойла хьан! Дала 1алашвойла хьо! Дала хьан сий деш долу нохчийн къам совдоккхийла мотт безарехь, 1аморехь, кхиорехь! Дала т1аьхье беркате йойла вайн!